Хабаев Исмаил | Нохчийчоь

Орцанна жоп доцуш дисинчу маьхьарех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Бекхамна ка йоьхна, вашас лайначу гIелонах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Аганахь хинболу турпала къонахий техкийначу наноша йиначу семачу набарах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Кошаза вайначу кIанте ладоьгIучу ненан сатийсамах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ ВорхI вешин йишин тIамо дохийначу дозаллах эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Тхайна кху дуьненчохь корта айббина дIалела бакъо йоккхуш эгначу вежаршна доьгIначу хIолламех эхь хетар дара суна, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ ТIулгийн маттахь бен ясталур йоцчу хьан лазаман къайленах эхь хетар дара суна, Нохчийчоь, ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Хьан доь дайъа гIиртинчу мостагIчунна къинтIера а ваьлла, хьох кхидIа воккхавеван а, хьан латта тIехь коше догдаха а, хьан ломахь карочу синтемах ирсъэца а, суо хьан цIеначу хIух ву баха а... ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ Нохчийчохь вахарал деза ду суна - Нохчийчоь сайна чохь яхар. ⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀ [Слова Исмаила Хабаева]
Back to Top