Хабаев Исмаил | Имам Ушурма Шейх Мансур

ИМАМ УШУРМА ШАЙХ МАНСУР Ша хотту барт хьоьга хаьттина баьлча: «Хьо маьрша вуьтуш ву, хьуо дохко ваьлла ахь аьлча» - дохалахь шега хьан са дохо луучу кхело, тlаьххьара, хlилланца кечйина хиллера кlело. Бохалла чо беккъал ирачу туьрал а ира декначу хьан жоьпан тохаро и хадайира: «Со дохко ца ваьлла!» - хьан сица яхарна дохко ца елира маршо. Хьан дагца гlиттарна дохко ца белира маршоне болу хьан безам. Мостагlчун къинхетам мостагlчун къизаллах къастайо башхалла евзина вацара чаккхене ца дигаделлачу гlуллакхан гlайгlа бен кхин гlайгlа йоцушверг. «Со дохко ца ваьлла!» - дохко ца девлира бераллехь хьан бlаьргаш хьистина хьан мехкан ламанаш. «Со дохко ца ваьлла!» - дохко ца евлира хьайн некъахь шайн маккъаш ахь буйнахь къийлина гlаманаш. Хьан цlе а, хьан сий а, ца дойтуш, лардан шаьш йинчу чlагlонех йоха ца юьйхира заманаш... Хьан когех тоьхнехь а, хьан когийн некъана буржалаш ца тохаелира цаьрга - шаьш маьрша баьхначу латта тlехь маьрша нах баха ца буьтучаьрга. Ушурма, цу гlопан набахтехь,
Back to Top