Хабаев Исмаил - «Гlайгlане ма хилахь» (поэзия, лирика, стих) chechen poetry
***
хьан суьйре дика ца йича,
сан суьйре дика хуьлуш санна,
хьо евзичахьана,
со вехначунна некъ буьтуш
лелаш воцуш санна,
со наха дуьйцург тlе ца ийза lамийнарг
хьуо йоцуш санна,
ахь хаьттича, ас хьайна
бlаьрахиш дуьра чам болуш хlунда хуьлу,
полларчий даим тlаьхьаидарх хlунда ловзу
ца дийцича санна,
и мила ю ахь юьйцушъерг, бохуш,
наха хетта а хоьттуш,
царна цкъа евзар йоцу хьо -
сан дахаран къайле йоцуш санна,
ас хьайга,
лоьраша дукха вехар вац аьлла со, аьлча,
хьан хих кхохкаделла бlаьргаш гина долчу
бlаьргийн да ирсе ван
кхин цхьаъ йолуш санна,
хьо йоцуш дуучу дуьненах
чам байна ца лела
суна хьуо ца оьшуш санна,
гlайгlане ма хилахь.
© Хабаев Исмаил