Хабаев Исмаил - «ВАЙШИЪ» (лирическая поэзия на чеченском) безам. стих про любовь
ВАЙШИЪ
Вайшиъ вайшиннан ирсах
ирс оьцуш лелла долу
хlара гlалин урамаш,
суна ша ца езаш санна,
ша суна езийта хазъелла йолчу
хlокху гуьйренах дуьзна лаьтташ ду.
Мичча вахча а,
цхьана метте кхачош долу
деха некъаш дан кlорда а дина,
волавала араваьлла со а ву.
Хьуначул кlезга ма ца хаьа суна
хьан сагатло,
я ахь сагатдо.
Суначул кlезга ма ца хаьа хьуна
хьуо цхьанхьа ца яхний а.
Хlунда лела хьо сел хаза!
Мичара хаьа хьуна сел говза
синхаамашца ловза!
Хьайн къайлаяларо санна,
гучу а ма ца йоккху хьо.
«Дика ду-кх хьо волуш»
ала хьо йолуш
дика хета со волуш
дика хета хьо йолуш
ду-кх дика.
Хlумана яхь цахилар дика ца дийцахь а, суна цуьнан дика хеташ цхьа хlума а ду -
хьан соьца и цахилар.
Хьан дегадикаллин,
хьан синашораллин доза
ца карош кlелвисна-кх со.
Хийла сан оьгlазлонан цlе дlаяйъа
орцахдийлина долу хьан бlаьрахиш,
нагахь санна,
цхьанхьа lенаш делахь а,
хьан дагара хиъча,
хlара гуьйренан гlапатарш,
мажделла а ца lаш,
къежлур дара аьлла хеташ
суо велахь а,
сапаргlат ву со,
сайн хьоьга безам