Йерригроссин олимпиадин регионан мур

Тахана, кхолламан беттан 12-чу дийнахь, лакхарчу классашкара дика хаарш а, кхоллараллин говзалла а йолу дешархой билгалбахаран Ӏалашонца Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан мур. Олимпиадехь дакъалецира Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкара муниципальни муьрехь толам баьккхинчу 9–11 классийн дешархоша. Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран регионан муьран толамхойн а. Къовсамхоша кхочушдинчу тӀедахкарша йукъалаьцнера коьртачу а, йуккъерчу а ишколехь Ӏамо билгалдаьхна меттан дерриге а Ӏилманан дакъош. Цара йаьхначу баллашка хьаьжжана, къастор бу «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин регионан муьран толамхой.
Back to Top