Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.
Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,
Цуьнга бIаьрг тохалаш, аьтто хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,
Малх хьуллуш бIаьрг тоьхча геннара дIа.
Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,
Гуш санна, вогIалой, вехха со Iа...
Догмерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,
Дегнийн хьу ясталуш бIаьста-гурахь.
Сан метта бIаьрг тохий, сан бIаьрга гой,
Сан берд аш хьасталаш, ганза со лахь.
Цигахь диънера ас б
...ераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.
Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,
Безамна бIарлагIа елаш цигахь.Show more