Нохчийн байт

«КIант!» - олий, кхойкхура нана «КIант!» - олий, кхойкхура да Цхьа атта олура цара: «ХIара де…», «дIора схьада…» Ткъа кIант ву тоххарехь да, КIант ву тоххарехь деда. ХIетте а бер дара ша Къеначу шен ненан, де а. «КIант!» - олий, ца кхойкху нана. «КIант!» - олий, ца кхойкху да. Кхин цкъа а эр ма дац цара: «ХIара де…», «дIора схьада…» Ткъа кIентан болар ду гIийла, БIаргаш а кхоьлина ду. Дедех а хуьлуш ма хила Да-нана дIадаьлча буо. ⠀ (Леча Абдулаев)
Back to Top