Кхокхий

КХОКХИЙ Машен йилийта вахана вогIура кхузткъа шаре ваьлла ден да а, пхийттара валаза волу кIентан кIант а. БIаьстенца стоьмаша хаза даьккхинчу зазано а, йочана йухайирзинчул тIаьхьа йекхначу стигалахь сирла къегинчу йовхонна комаьршачу маьлхо а ойланаш хьоьстура, дегнаш самукъане детталора, синош синтеме дара. Къагийна машен а товш йара керла биллинчу некъа тIехь. Лекхачу лаьмнаша хьажарца ирс оьцуш хетара, нохчийн оьздачу йуьртан гIиллакхе йахар гуш... Ангали санна шерачу силам-некъа тIехь бос сийна кхокхий дара – ши меъ а, цхьа нIаьна а. Меаш, тIекхочуш лаьттачу машенах ийзалуш, синтем байна хьийзара. Тоха цакхиарна кхоьруш санна, тIемаш, жимма дегIах къастош, айъина гора церан. Амма кхиънайогIу нIаьна сиха йацара некъ бита. Жимачу даго меашна хьалха болар дохо ца буьтуш санна, хетара, корта ирхбахийтина, накха бусийна, къора гIовгIа йеш, эпсаро санна, лерина ког боккхуш, лела кхокха. Ден дас хIинцца йилина машен некъа тIера йуьстахйаьккхина, хIинца а дика Iовдадалаза долчу лаьтта тIера хатт чкъургашца лахьош, голатуьйхира олхазаршна. – Дада, – элира жимачу кIанта, – хьо хоттала ца ваьллехь а, дIадевр ма дара уьш некъа тIера. – Хаьа суна, – жоп делира воккхачу стага. – Доьналла тусаделлачохь иза хьаша гIертар кIиллочун лехамех ду, къонахчун гIиллакхех дац... Нохчийн хазачу амалх кхаъ хилча санна, хьалхачул а чIогIа къегинчу маьлхо кхин а сер- лайаькхира йурт. Ельсаев l.
Back to Top