Польшера вайнах гӀурбан Ӏийд даздеш, ш
Суннатехь Ӏийд маьждигехь ца деш арахь вовшахкхетта дан дезаш ду. Иштта суннат ду шен берриге доьзалца цига вахар а. Зударшка а Ӏийдане схьадуьйла бохуш деънера хьадисехь, - «Ца богӀуш кӀелхьара бовлийла а ца юьтуш, ламаз деш боцурш а схьабуьйла, ламаз дечу хенахь юьстахбевра бу, бусалба нехан диканехь дакъалоцур ду», - бохуш.
Ткъа и шиэ суннат массара а шаьш долчехь лело даьккхича хаза дара. Къаьсттина коьрта ду махкара арахь бехачара леладар, вовше бовза а, гергарлонаш таса а, берийн динца уьйр-марзо ян а, бусалба динан хазалла ган а.
Иштта и шиэ суннат кхочушдеш гӀурбан Ӏийданехь вовшахкхетта бу Польшера вайнах. Ӏийд дина бевлча дууш, молуш марзо оьцуш, берийн самукъадоккхуш спортан а, динах хаттарш деш а къийсамаш беш.
============
📲Телеграмм:
📲Инстаграм:
📲Фейсбук:
📲Вконтакте:
📲Одноклассники: