Ассаламу 1алайкум! Стеган мах хадоран дуккха а нек... Рамзан Кадыров

Ассаламу 1алайкум! Стеган мах хадоран дуккха а некъаш ду. Ца1 сихха веза а лой, чехка адамийн дегнашкара охьа вужу, халкъан шеца болу ларам ларбан а, 1алашбан а ницкъ, хьекъал, доьналла а ца тоьий. Тахана со шен тезета вахана волу 1имран 1усманов ша тайпана стаг хиллера. Цунна хиира шен халкъаца ваха, цунна дезарг хаа, цуьнан бала балхо, лазам бийца, к1ентийн дегнаш айъа, г1иллакхаш дийца, безам хасто. Шен дерриге а дахар д1аделира 1имрана нохчийн к1омана хазниг, диканиг марздалийта, дезийта г1ерташ. 1имран жима стаг волчу хенахь санна, зевне декара цуьнан аз кузткъа шарал т1ехваьлча а. Харц дуьненахь йоккху хан чекхйаьлла, вайх къаьсти 1имран. Вайна санна, Везчу Далла а воьзийла иза. Везчу Дала иманца собар лойла цуьнан доьзална! Ирс долуш стаг хили 1имран, дерриге а нохчийн къомо шена т1аьхьа кадам а беш! @Оригинал:
Back to Top